ТIекхочийла долу линкаш

Forbes-о рейтинг хIоттийна Iедалан белхахойн бахаман, дахначу шеран декларацеш а зуьйш.

Хьалхарчу меттехь ю «Цхьааллин Оьрсийчоь» партин декъашхо, Пачхьалкхан Думин могашалла Iалашъяран комитетан декъашхо Соломатина Татьяна, 56,2 млн соьманна бу цуьнан бахам.

Хьалха иза Томскерчу мехкан думехь хилла, РИА агенталло дицарехь, латтийна шен куьйга кIел массех могашалла кхачош йолу фирма. Амма стохка дуьйна схьа Пачхьалкхан думин депутатан алапа бен дац шен хьал дебош, аьлла цо прессехь.

XS
SM
MD
LG