ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лавров Сергей: Нохчийчохь гейш хьийзийна ала дац


Еарийдийнахь Берлинехь къамелдеш Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс дIахьедина, Нохчийчохь гейш хьийзийна факташ яц, аьлла.

Делахь а, аьлла цо, нагахь санна уьш хьийзийна бохуш дуьйцург бакъ хилахь, Оьрсийчоьнан Iедало шогга доьхур ду махкарчу куьйгалле. И хаам баржийна ТАСС агенталло.

«Новая Газето» ши бутт хьалха Нохчийчохь гейш байина, хьийзийна меттигаш ю аьлла даржийчхьана дуккхаза а бехкаш дехкина Кадыров Рамзанан администрацина, дехна Оьрсийчоьне газето далийна тоьшаллаш таллар, ткъа хIоразза а делла жоп цхьаъ ду – газето яздийриг бакъ дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG