ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIинжа-ГIалахь лаьцна журналист Юсупов дIахецна полицино


Еарийдийнахь Дагестанерчу «Новое Дело» газетера журналист Юсупов Идрис лаьцна полицино ХIинжа-Галарчу "ТангIим" маьждигна гергахь.

Советски кIоштан полице вигина иза. "Кавказ.Реалиига" ша цо довзийтина хилларг. Маьждигна уллехь иза лаьтташ, тIебаьхкинчу полисхоша бахьана а ца дуьйцуш, дIалаьцна иза.

«Со стенна лаьцна соьга ца дуьйцу. Маьждигна гергахь латтарна, мила ву хьажа лаьцна, боху. Соьгара телефон яккха гIертара уьш, амма цкъачунна соьгахь ю. Сайца харцо ярах лаьцна арз яздан воллу со», - хаамбира полицин декъехь волчу Юсуповс.

ТIаьхьо дIахецна иза полицин декъера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG