ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ойсхара - хазъелла, Кадыров - воккхаве


Ойсхарахь (Гуьмсан кIошт) хуьлуш лаьттачу хийцамех ша воккхаве, аьлла яздина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыровс шен инстаграмехь.

«Ойсхарахь хуьлуш гучу Iаламат баккхийчу хийцамех воккхаве со! Итт шарна а тоъал бу уьш. Керла некъаш, дарбан цIа, синкхачан цIа,спорткомплекс, стадион, керлачу хIусамийн куп, тIекIелдина цIенош, маьждиг. Иза а диначух дерриг а дац», - яздина Кадыровс.

Хьалхо Маршо Радионо дийцира, Ойсхарахь урам дIахьокхуш резавоцчу меттигерчу вахархочо видео яьккхича, цунна а, цуьнан нийсархошна а таIзар дарх лаьцна.

Делахь а, шайн юьртахь юккъера урам дохийначул тIаьхьа бинчу хийцамашна шаьш реза ду, бохуш, хаамаш а бира тIаьхьо ойсхархоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG