ТIекхочийла долу линкаш

Еарийдийнахь Венерчу кхелехь ша шена Абу-Хьамза аьлла цIе а тиллина, цхьана хенахь Имарат Кавказан векал ву ша бохуш хиллачу, ткъа хIинца ша оьрсийн къайлахчу сервисийн моттбеттархо ву аьлла волчу Ибрагимов Мохьмадан кхелехь бистхила безарш Гуьржехара тешаш бара.

2012-чу шарахь Лопота чIожехь 17 стагах лаьттачу нохчийн тIемалойн тобан коьртехь Абу-Хьамза Гуьржийчухула дIа Оьрсийчоьнан доза хадон араваьлла а волуш, цигарчу хьаннашкахь кхарна ларамаза тIенисбелла гуьржийн жаIуй а, шайн садоIа хьаннашка бевлла кегирхой а Абу-ХьамзагIара леца а лецна, закъалташ бинера.

Прокуратурано дийцарехь, масех дийнахь шайца хьаннашкахула дIасалелийнера цара уьш, шаьш бах-баханчу а буьгуш, шаьш уьш дIахецахь, уьш шайна Iедале айкхбовларна кхоьруш.

ХIинца и нах, - верриге а ворхI стаг - Венерчу кхелехь тешаш санна бистхилийта лерина дара. Амма Гуьржийчоьнан чоьхьарчу министралло еххачу хенахь Венера шега цу тешийн хьокъехь дахьийтинчу хаттарна шаьш массо а агIор гIо дийр ду уьш Австре кхеле кхачийта баьхнехь а, хьелаш ца кхоьллинера и нах кхеле кхачо.

Цундела кхелахочо дIадийшира Абу-ХьамзагIара закъалте лаьцна хиллачу гуьржаша Лопотахь хиламаш хиллачул тIаьхьа дукха хан ялале меттигерчу Iедалхошка дийцинчун протоколаш.

ДIаяха уьш, и камераш дIаяха!“

Ша бехкевеш верг еарийдийнахь Iаьржа кастом-хеча, лекха кIажош долу мачаш а йоьхна, шен адвокатца Блашнитц Вольфгангица жигара дIай-схьа баьцаш а еш, вела а къежаш вара.

Кхелан гулам дIахьочу чоьна чу куьйгах тоьхна буржалш а долуш, ша чувалочу хенахь, шена хьалха а хьевдда, суьрташ даха хIиттинчу журналистийн агIор цо оьрсийн маттахь цкъа реза воцуш кхоьссира „дIаяха уьш, и камераш дIаяха“, аьлла. Ткъа уллохь Iачу кхелан белхахочо суьрташ даха журналисташна магийна ду аьлча, шен юхьа хьалха куьйгаш лаца гIоьртира.

Йоллучу хенахь кхелачохь ша Iаш цо аьтто куьйган хьажопIелг дIабахийтина латтош бара, массарна а гойтуш, „Дела цхьаъ ву“ бохучу маьIнехь. Эххар а прокуроро Бин Леопольда хаьттира цуьнга, и ахь хьажийна латтош болу пIелг иштта хIунда латтабо ахь, хIун ала гIерта хьо цу жестаца аьлла.

„Привычка“ - оьрсийн маттахь жоп делира ша оьрсийн моттбеттархо ву бохуш чIагIдечу Абу-Хьамзас, цул тIаьхьа гонах хьаьжна вела а луш.

И газан мажош а яхйина, нехан бераш хIаллакдойтуш лелаш долу заддаш!..

Делкъа хан хиллалц кхело мелла а текхна бира болх, кхелахой а, бехккъасторхой а сих-сиха дагадовларшка къайла а бовлуш.

Делкъана кхелан болх тергалбан меттигера нохчийн тоба еъча, мелла а денделира процессан тергамхойн могIаршлахь хьал.

Паузе а вигина юхавалош волу Ибрагимов Мохьмад шена уллехула тIехвоккхучу хенахь Лопотехь вийначу цхьана жимчу стеган гергарчу зудчо цуьнга мохь тоьхна элира, шена иза мел боьха стаг хета. „И газан мажош а яхйина, нехан бераш хIаллакдойтуш лелаш долу заддаш, Дала бекхам бойла шуна!“ аьлла.

„КIезиг вешара со аш дуьйцучух-м“ бохучу хьесапехь, бур-бур а дина, тIехвелира Абу-Хьамза.

Цул тIаьхьа цхьа-ши сахьт даьлча рогIера дагадовларш дIадовлалц дIавигинчуьра схьавалош волу ша Лопотахь вийначу цхьана кIентан нанна уллехула тIехвоккхучу хенахь цо сихха эккхийтира, цуьнан бIаьра а ца хьожуш: „Шуна ца хууш, дуккха а хIуманаш ду шуна кху юккъехь“, аьлла.

Делкъал тIаьхьа кхаа сахьтехь герга дагадовларш кхелахоша вовшашлахь, бехккъасторхоша шаьшлахь а дIадаьхьначул тIаьхьа ткъех минотна а ца хьеделира Ибрагимовн кхолламах дерг къастор.

Бехккъасторхоша Абу-Хьамзина дуьхьал тоьттучу шина бехках цхьаннах иза хьалхавуьту, элира - цо Лопота чIожехь тIематассадаларехь вийна кхо гуьржийн эскархо цо тоьхначу герзах велла бохучунна тоаъал тоьшаллаш ца го шайна, цундела иза и нах байарна бехке ца лору шаьш аьлла.

Иштта, оьмар чекхйаллалц набахтехь яккха тухучу хенах кIелхьаравелира иза.

ШолгIачу бехканна – террорхойн цхьаьнакхетараллехь дакъалацарна Ибрагимов бехке лору шаьш, элира бехккъасторхоша. Цул тIаьхьа дош эцначу кхелахочо Боьм Андреасо билгалдаьккхира, цу бехканна Австрин низамца цхьаьна шарера 10 шаре кхаччалц хан тоха бакъо ю, ша Ибрагимов Мохьмадна 7 шо тоха сацам бо, аьлла.

...дуьхьал бохуш хилла бехкаш, цу стагна оьмар чекхъяллалц набахтехь яккха хан тоха кхерам кхуллуш бара

Абу-Хьамза-Ибрагимов а, цуьнан адвокат Блашитц Волфганг а цул тIаьхьа йоцачу ханна юьстахвелира, шаьш сацамна дуьхьал латкъам бо я ца бо дагвала. Цкъачунна барт ца хилла шаьшшиннан, жимма хан яьлча хаам бийр бу шаьш, аьлла, цара дIахьедича, кхел дIайирзина кхайкхийра кхелахочо.

Абу-Хьамзин, я Ибрагимов Мохьмадан адвокато Блашнитц Вольфганга Маршо Радиона еллачу интервьюхь билгалдаьккхира, ша цхьана агIор кхелан сацамах сапаргIатдаьлла ву, ткъа вукху агIор, шен клиентна тоьхна хан сов лакхара лору ша, аьлла.

Блашнитц : „Боккха кхиам бу, адвокатийн бIаьргашца хьаьжча, цо нах байарх дуьхьал бохуш хилла бехкаш, цу стагна оьмар чекхъяллалц набахтехь яккха хан тоха кхерам кхуллуш бара, цунна тIера дIабаьхна хилар. Амма цунна тоьхначу хенан барам сов тIех бу, хIунда аьлча, террорхойн тобанехь леларна тоха йиш йолу хан цхьаьна шарера итт шаре кхаччалц а йолуш, сан клиентна тоьхна 7 шо хан дукха ю.

Ас сайн манданте цунна дуьхьал къовсало аьлла хьехар дийр ду. Цо ша террорист вац , ша террорист цахилар тIечIагIдан лаьа шена боху. Бакъду, бехккъасторхоша бинчу сацамна дуьхьал къовса хала ду, цу къовсамехь тола шансаш вуно лахара ю“.

Дала нийсонца кхел йойла-кх цунна!

Кхелахочо шен сацам бовзуьйтучу хенахь цуьнга ладугIуш Iечарна юкъахь Ибрагимовс Лопота а вигина, вийначу кIентех цхьаьннан нана, Зелимханова Сацита а яра. Кхелан сацамах ала хIума дац шен, элира цо Маршо Радионе, Ибрагимовн бакъйолу кхел ша Делан кара дIаелла, аьлла.

Зелимханова : „ХIокху Iедало шайна цунна хьакъ хеттачу агIор кхел йина. Вайн кхел Дала йийр ю-кх цунна, Даламукъалахь – цуьнан болчу бехканна. Цара тила а дина, дIадигина бераш… Цу берийн дай-нанойн, йижарийн-вежарийн цара мел дохийна дог шайн доха а деш, Дала нийсонца кхел йойла-кх цунна! Дала массо а берийн а, нанойн къинойх ма бохийла уьш!“

XS
SM
MD
LG