ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бензинан мехаш «стигал баха» магор дац Путина


«Маггане а мегар дац мехаш иза (бензин) кечдечаьрга, духкучаьрга, юкъалелачаьрга стигал дахахийта, дац эконoмикана пайде уьш лахдар а», аьлла президенто Путин Владимира Лебединскерчу маьIданаш дохучу комбинатан белхахошца къамелдеш, хаамбо «РИА Новости» агенталло.

Цо билгалдаьккхина, юьртбахамхой гIоьрту ялта дуьйш а, чудерзош а богIучу муьрехь ягочун мехаш охьабаха, амма пачхьакхан шен механизмаш ю юьртахошна белхашца аьтто беш.

Мехаш барамца лар ца бахь, «вайн луларчу мехкех аьчкачу неIаршца къовладала дезар ду», аьлла Путина. Оьрсийчохь ягочун мах лахара хиларна, иза дозанал арайоху, «вайн бахам массара а бадийна, д1асабоккхийла вайна ца лаахь, мах оьшшучу барамехь кхаба беза, аьлла хета президентна.

«Йозушйоцчу ягочун кхеташоно» («Независимый топливный союз») кхо бутт хьалха йовзийтира Оьрсийчоьнна ягочух хуьлу са: ши шо хьалха 1 тонна ягочунна тIе 1000 сом са йолуш хиллехь, кхушара иза яц 8 сом бен.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG