ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кура вац Монголин керла президент


Монголин керла президент Баттулга Халтмаагийн реза ца хилла шена статусо кхачош йолчу резиденце ваха охьахаа, хаамбо «Монголи хIинцца» агенталло.

Цунна а, парламентан куьйгалхочунна а, премер-министрна а низамо къастийна ю тоьллачу хьелашца кечйина Улан-Баторна гена йоццуш Их Тэнгэр кIошт.

Шайн шахьарачу почтина дуьхьал лаьттачу жимчу цIачохь виса сацамбина цо. 400 метр гIаш лелар ву балха а.

Президентан администрацино догдоху кхиболчу мехкан хьакамаша, цуьнгара масал а эцна, еза машенаш, кхидолу «совнах» хьелаш дуьтург хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG