Китайра Къилбаседа Кореяца зIенехь йолчу компанешна дуьхьал санкцеш ю кечъеш Iамеркан Штаташа, хаамбо Reuters-о, президентан Трампан администрацерчу хьасташна тIе а тевжаш.
Пхеньянна зарратан а, ракетийн а программин кхачоечу кегийчу финансийн компанешна дийр ду юхьанцара таIзар, цкъачунна яккхийн компанеш а ца хьееш, боху агенталлан хьасташа.
Санкцийн шогалла йозуш хир ю Китайно мел леррина Къибаседа Корея зарратан зерех юхайоху хьажжина, билгадоккху Reuters-о.
Хьалхо Китайн арахьарчу гIуллакхийн министраллан векало Гэн Шуана Iамерканна жоп луш элира: «Корейн ахгIайри тIехь зарратан проблема луьстучохь Китайн жоьпалла дестадечарна дуьззина ца девза цигара хьал, я церан шайн цхьа къайлах Iалашонаш ю».