ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ток лечкъош 323 хIусам карийна "Чеченэнергона"


Нохчийчохь дуккха а бахархойн хIусамех хьавсинчу «Чеченэнерго» компанин кхерамзаллин декъан белхахошна а, полицина а кхушеран хьалхарчу декъехь карийна, луш ахча а доцуш, ток лечкъош 323 хIусам, яздо ChechnyaTODAY портало.

Оцу бахьанийца тоькан компани йисина нахера 9,5 миллион сом схьа ца оьцуш, 14 меттиг гучуяьлла, Iедалца хIоттийна цхьа а бартан кехат а доцуш, тоьках пайдаоьцуш а, хаамбина «Чеченэнергон» куьйгалхойх волчу Сербиев Адама.

Цо бахарехь, дуккха а нахана дуьхьал прокуратуре аьрзнаш хьовсийна «Чеченэнергоно».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG