ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Футболан чемпионат схьайоьллуш ю Соьлж-ГIала


Соьлж-ГIалахь "Ахмат-Арена" стадионна гергара урамаш къевлина ду т1еман «Урал» машенашца, хадеш бу полисхой, эскархой.

Меттигерчу хенаца 21.30 долало шен "Терек" цIе хийцинчу хьолехь "Ахматан" хьалхара ловзар Пермерчу "Амкар" тобанца.

Оьрсийчоьнан футболан чемпионат йоьллуш хьалхара матч ю дIахьош. Соьлж-ГIалин массо а санна урамашкахь дIайиттина ю тобан цIе тIехь йолу баннерш.

Ловзар долош шоу-программа гойтур ю хьовсархошна. Чемпионат схьайоьллуш дакъалоцур ду гоьваьллачу Бразилерчу футболхочо Роналдиньос. Цунна къастийна дуьххьара буьрка ловзарна юкъаяккха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG