ТIекхочийла долу линкаш

Латынина: Дадаевна йинчу кхело гойту Путина Нохчийчоьнна хьалха капитуляци яр


Дадаев Заура Немцов Борис верна кхело бина сацам пачхьалкхна тIе эхь доссош бу, аьлла евзаш йолчу оьрсийн журналисто Латынина Юлияс.

«Оьмар кхачаяллал хан тухучу метта, Дадаев Заурна 20 шо кхайкхийна, цо шен таIзар Нохчийчохь токхур ду. Вайн къовсадала йиш ю, мел Iийр ву иза набахтехь, кемантIера цIен кузаш тIехула ваьлла гIур ву я вац шен цIа бохучунна тIехь. Путин Нохчийчоьнна хьалха юьззина капитуляци яр ду ишта сацам тIеэцар», - аьлла Латынинас "Эхо Москвы" радион эфирехь.

Цунна хетарехь, кхерам бу Оьрсийчохь режиман мостагIий байа болон.

«ХIораза а, цхьана оьрсийн «пропагандоно», Гейропа озаелла тIамедаьллачу ислам динна хьалха аьлча», …жоп лур дара ас: суна дага ца догIу оццу Гейропехь, я Штаташкахь, президент я губернатор наха шайлахь оппозицин лидер верна бехкевеш», - боху Латынинас

Москох тIеман кхело деношкахь бехкевина пхи нохчо политик Немцов Борис верна, хенаш тоьхна 11-20 шераш.

Шакъастийна аьлча, шен куьйга оппозиционер верна бехкевинчу "Север" батальонан буьйранчин гIовс Iийначу Дадаевна 20 шо тоьхна набахтин луьрачу хьелашкахь даккха.

XS
SM
MD
LG