ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Басков: "Соьлжа-ГIала дуьненчохь а уггар синтеме гIала ю"


Соьлжа-ГIаларчу футболан клубан цIе "Ахмат" аьлла хийцинчул тIаьхьа хьалхарчу туран официалан матчехь Пермерчу "Амкарца" ловарш дуьйлалуш Оьрсийчоьнан артисто Басков Николайс дIааьлла клубан гимн.

"Суна доккха дозалла хета клубан гимн дIаала суо векал вар. Клубан цIе хийцинчул тIаьхь, суна хетарехь, футболистийн мотиваци жигаръяьлла, керлачу цIарца цара дуккха а толамаш а бохьур бу. Иттех шо ду со Нохчийчу вогIу, цундела ца кхоьрруш ала тарло сан, дуьненчохь а уггар а синтеме а, маьрша а гIала хиларх Соьлжа-ГIала", аьлла Басковс.

Иштта Нохчийчу веана испанхойн "Барселонан" экс-ловзархо Рональдино а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG