ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Акуева Амнат ларъеш ду нохчийн Iедал


Масех шо хьалха Шема дIаяхана аьлла дуьненаюкъарчу лехамашка елла Нохчийчуьра яхархо Акуева Амнат Интерполо лаьцна Берлинехь латтош ю. Нохчийн полисхой иза цигарчу Iедало шайга схьаяларе хьоьжуш бу. ЙоьIан гергарчара бакъ ца до, шайн йоьIан Шемарчу тIемалошца уьйр хилар.

Ницкъаллийн структурийн хаамашца, кхо шо хьалха Шема дIа а яхана, ДаIишхойн тобанехь лаьттина иза. Стохка дуьйна лехамашкахь а яра. Дахначу кIиранах Германехь Интерполон караеана Акуева. Гергарчу хенахь немцойн Iедало Акуева Амнатна Оьрсийчу экстрадици яре сатуьйсу шаьш аьлла, дийцина "Кавказан узел" агенталле чоьхьарчу гIуллакхийн хьукматан белхахочо.

Акуеван гергарчара бахарехь, Амнатан карахь бер ду, шолгIа доьзалхочух а ю иза. Цо цхьанхьа а тIом бина а бац, шена цIийндена тIаьхьа яханера иза аьлла цара.

Нохчийчуьрчу Iедало шайн йоIана тIехь гIело, ницкъа латтор буй хуучу гергарчара сатуьйсу, Германино жима зуда схьа ца яларе.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG