ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эххар а карий Захаров Петран каш


Нохчех схьавалар долчу суртдиллархочун Захаров Петран каш карийна шена аьлла, хаам бина оршотдийнахь Фейсбукехь шен агIон тIехь Iилманчас-историка Шахбиева Медас.

Иза карийна масех сахьт далале цуьнца зIене а яьлла Маршо Радионо хаьттира цуьнах лаьцна.

"ЧIогIа хала дара суна Захаровн каш лаха"

Шахбиева: "Со суо а чIогIа Iадийна ю цуьнах. Дукха хан яра со цу тIекхача гIерта. ЧIогIа хала дара цуьнан каш каро. Сан аьтто белира. Ас хаам бина цуьнах лаьцна, амма цхьацца бахьанашца иза муьлхачу меттехь ду цкъачунна эр дац ас. Иза Ваганькан кешнашкахь дIавоьллина ву, шен зудчунна уллехь".

Захаров Петран дахар а, кхолларалла а толлуш, ца евза агIонаш гучуйохуш, Шахбиева Медас болх бо итт сов шо хан ю. Белхан Iалашо хилла а ца Iаш, Захаровн кхолларалло йийсаре лаьцна иза.

Суртдиллархочун кошатIе иза кхаьчна цуьнан хIусамненан кошехула. Цунна уллехь дIавоьллина хилла иза, бохуш кхин дIа а дийцира Iилманчас-историка Шахбиева Медас.

"Уггар хьалха Захаровн зудчун каш карийра суна"

Шахбиева: "Захаровн каш цхьаммо а лехна а дацара. Ас сайн лехамаш болийра Шабаньянцан книган тIера. Цунна карийнера вина а, валаран а денош тIехь билгалдаьхна книга. Цу тIехь дара иза валаран де билгалдаьккхинчу килсанан йозанаш.

Цу тIехь дара цуьнан зуда маца елла а, иза Ваганькан кешнашкахь дIайоьллина хиларх а. Зуда еллачул тIаьхьа иза ша а велла дела, ас лехира иза цуьнан кошан уллехь хила мега аьлла. Ас и лехамаш итт шарахь дIабаьхьна.

Хала дара лаха, хIунда аьлча, шира кешнаш декъна дацара керлачарах. Керла кешнаш догIура ширачарна тIехула. Иштта суна карийра дуьххьара цуьнан зуда. Цул тIаьхьа иза ша а карийра".

Захаров Петран нана а, ша мел долу гергара адам ден а дийна, Дади-юрт яга а йина, иза бер долуш дуьйна Нохчийчохь цIийлахь карчийначу Ермолов Петра кхиийна ву.

Цхьацца болчу хаамашца, Лермонтовн «Мцыри» поэма а цуьнан дахарех схьаэцна ю. Иза бакъ хила а мега, цо доттагIалла лелийна хилла оцу гIараваьллачу поэтца.

Нийса хир дарий теша, цуьнан даьIахкаш Нохчийчу а еана, лаьттах йоьхкича аьлла деллачу хаттарна, хIара ду аьлла жоп дац Iилманчан-историкан Шахбиева Медин.

"Културан хIоллам санна иза дитича гIоле дацара?"

Шахбиева: "Суна хетарехь иза далур долуш хIума дац. ХIунда аьлча, цигахь цхьана тIулган кIелахь дIабоьхкина бу ПостниковгIар, цуьнан стунсхой. Цаьрца цхьана дIавоьллина ву иза. Нагахь санна иза хьалавоккхуш хилча, ша верриг хьалаваккха дезар ду. Оьшуш дуй теша иза хьалаваккха 200 шо даьлча? Суна хала ду цу хаттарна доп дала. Культуран хIоллам санна иза дитича гIоле дацара?".

Шахбиева Медас лакхахь ма аллара, итт сов шо хан ю иза Захаров Петран дахар а, кхолларалла а толлуш йолу. Стохка зорбане елира суртдиллархочух Ибрагимов Кантас язйина книга.

Цу тIехь шортта суьрташ а, цуьнан биографин шуьйра евзаш йоцу агIонаш а яра. Шахбиева Медас социалан машанехь шен агIон тIехь автор бехкевира, шен талламан белхаш тIехь хIоттийна ю и книга аьлла.

Амма Ибрагимов Кантас иза аьттехь тIе ца дитира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG