ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровга гIо доьху Саратовн вахархочо


Саратовн кIоштара вахархочо Уханов Сергейс Интернетехула дехар дина Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане, Туркойчохь лаьцна латтон шен 6 шо долу йоI шех схьатухуш гIо дахьара аьлла.

Туркойн дозанехь лаьцна Ухановн хилла хIусамнана шен берашца а, цIийндеца а.

"Кехатца соьга кхачийна дехар дац, амма хIетте а, ас сагатдо "Иблисан пачхьалкхах" дIакхета лаам болчу нахаца жима бер хилча", - аьлла Кадыровс.

Оцу гIуллакхна компетенте болу нах жигара хьийза аьлла Кадыровс, цундела шеко яц шен йоI шен дех дIатухург хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG