ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Иеговн тешашна" дихкина Оьрсийчохь болхбан


Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа а, Евроберто а критике диллина Оьрсийчохь керстан "Иеговн тешаш" ("Свидетели Иеговы") организаци ехкар. Iамеркан къаьмнашна юкъарчу динан маршонехула йолчу комиссино дIахьедо, и организаци экстремистийн цахиларх а, цуьнан декъашхоша Iедалан репрессех ца кхоьруш шайн динах пайда эца дезаш хиларх а.

Штатийн позицина тIетайна Евробертан арахьарчу политикан лаккхара векал Могерини Федерика а. Цуьнан пресс-секретара Коцьянчич Майяс хаамбина, Оьрсийчохь "Иеговн тешаш" тобанхошна Iедал тIаьхьадаьлла хиларх а, иштта полисхоша церан офисехь рейдаш дIаяхьарх а, царна дуьхьал ницкъ бина хиларх а.

Оршотдийнахь Оьрсийчуьрчу Лаккхарчу кхело "Иеговн тешаш" сектан апелляци къобал ца йина. И юкъаралла экстремистийн лоруш, Оьрсийчоьнан дозанна тIехь гIуллакх дар дихкина царна. Петарбухара церан штаб-хIусам а, регионашкара 395 офис а дIакъовлуш ю.

Организацино бахарехь, Оьрсийчохь церан 170 эзар декъашхой бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG