ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Мила ву коррупционер? Хьаькам ву-кх!"


ГIалгIайн махкахь коррупционераш телехьожийлехь гойтур болуш бу. И керла таIзар юкъадаккха дагадеънарг ву мехкан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек.

Лаккхарчу Iедалхошца шен хиллачу цхьанакхетарехь, цо дIахьедар дина, куьйгана цIена боцу даржхой а, Iедалан кхиболу белхахой а, дуьненна а гIарабаьхча совцур бу аьлла хета шена.

"ФСБно кхаъ оьцуш ГАИ-н белхахо дIалаьцнийла а, я миграцин урхаллера кхаъ эцна зуда лаьцийна а вайна хаьа, ткъа юкъараллехь хезна цуьнах, амма билгал муьлш бу хууш дац. Телехьожийлехь леррина цхьа программа а йина, коррупционераш гIарабаха беза",-аьллера цо оцу кхеташонехь.

Цкъачунна и программа эфире яьлла яц, цо и дIахьедар дина масех де далахь а. Цуьнах я гIуллакх хиларх шек а бу дуккха а нах. "Мемориал" цIе йолчу бакъонашларъръярхойн цхьанатохараллан Несар-гIалара декъан куьйгалхочо Акиев Тимура иштта элира цуьнах лаьцна.

Акиев: "Оцу масалша гIо до олийла дац. Схьаоьцур вай некъан бохамаш. Даимма дуьйцуш ду телехьожийлехула цуьнца къийсам латто беза, машенаш сиха ма хехка, некъан низамаш доха ма де бохуш. Амма оцу бохамийн терахьаш кIезгалуш дац. Чолхе дерг ду, дукхачу хьолехь и бохамаш нах бала а леш хуьлуш ду. ТIаккха хаало-кх, и санна хIуманаш ца хилийта тIеэцна программех пайда ца хуьлийла.

Изза хила мега коррупционерашца а. Евкуров Iедале веъча цо дуьххьарлерачу шен Iедалхошка дош далийтира, шаьш Iедалан ахчан тIе хьарам куьг Iуттур дац аьлла. Цо а гIо ца дира".

ГIалгIайн махкахь тIаьххьара листинчу девнаша билгалдоккху аьлла хета бакъонашларъярхочунна Акиев Тимурна, коррупционераш кхоьруш, я эхь хеташ бац шаьш гIарабаьхча. Цутнан масалш а далийра цо.

Акиев: "Iедалан ахча дайина, я доладаьккхина зуламаш а лах ца делла. Цунна масал ду гIишлошъяран министран Буружеван гIуллакх. Цул хьалха республикан юьртбахаман министран гIуллакх дара. ТIаккха хаало, шаьш гIарадахарах и нах кхоьруш ца хилар. Цкъачунна тахана хIара сурт ду схьахIуттуш дерг".

Коррупци боху ун хилла Оьрсийчохь дIахIоьттина зулам, куьйгана цIена боцу Iедалхой гIарабахарх дIаяьккхалур яц аьлла хета ГIалгIайн Мехк-кхелан кхеташонан декъашхочунна Абадиев Тимурна.

Абадиев: "Коррупци тIехь лаьтташ ши лард ю. Цхьаъ-Iедал ду, важа-бюджет ю. И коррупци лелош берш а уьш бу. Нахера ахча доккхурш а уьш бу. Цхьана дийнахь цара кхаьанаш ца эцахь, коррупци дIаер ю. Царна эхь хетар дац. Нахера и ахча даа Делах эхь хеташ ца хилча, шаьш гайтарх а эхь царна хетар дац".

Дукха хан йоцуш Оьрсийчоьнан президенте коррупци махкахь дIа муха яьккхалур яра аьлла кIорге бина таллам бахьийтина Мехк-кхелан кхеташо олучу цхьанатохаралло. И программа тIеэцча, и зулам дIадаккхалур дара. Иза Москохара меттигерачу Iедалшка кхачийна.

Ткъа, цара-м шаьш шайна дуьхьал хIума дийр дац, аьлла кхин дIа а дийцира юкъаралхочо Абадиев Тимура.

Абадиев: "Оха оцу хьокъехь хIоттийна экономикан анализ ю. Конференцешкахь а дIайийцина и анализ. Путине а, Инарла прокуратуре а, Лараран хIусаме а хьажийна иза. Меттигерачу Iедалшка хьажадо цара оха шайга кховдийнарг.

Ткъа, цара-м шаьш шайна урс хьокхур ма даций. Шаьш шайна таIзар дан лууш вац цхьа а. Коррупци лелош берш шаьш Iедалан белхахой бу. Куьйгана цIена а болуш Iедалхой цхьаъ-шиъ велахь кхин вац кху махкахь".

Ала догIу, ГIалгIайн махкахь кIоршме баланаш бац а ца бохуш, уьш хилар даре до меттигерачу Iедалша. Амма цаьрца бечу къйисамех гIуллакх хуьлуш дац. Масех шо хьалха мехкан дозанал арахь лаккхарчу доьшийлашкара гIалгIайн студентех дика доьшуш боцурш а гойтур бу аьллера меттигерачу телехьожийлашкахь.

Амма и гIуллакх кхочуш а ца дира, цуьнах жамI хир доцийла хууш. Иштта хила там бу ГIалгIIайн махкахь дIаболийначу коррупцина дуьхьала балхах а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG