ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъера шен кIант цIаверзор доьху нанас


Иракъера шен 4 шо долу кIант цIаверзош гIодахьара аьлла, дехар ддина Нохчийчуьрчу яхархочо Ашаханова Залихас республикан прокуратуре. Цо бахарехь, 2015 -чу шарахь хиллачу цIийнадас и кIант къайлах дIавигина хилла шеца Шема.

Прокуратуро бечу хаамца и зуда тIе а эцна, цуьнца къамел дина прокурора Абдулкадыров Шарпуддис. Цуьнан омраца таллам болийна цу гIуллакхан.

Ши кIира хьалха социалан машанехь даьржийра кегийн берийн суьрташ. Уьш нохчийн бераш ду аьлла бухахь язйина дара. Царех вуьйцург, схьахетарехь, хьаьрса месаш а йолуш Iаьрбойн мотт буьйцу жима кIант ву.

ТIаьхьарчу лараршца мел лаххара а 10 эзар сов тIемало ву Къилбаседа Кавказера Шемахь а, Иракъехь а ДаIишан могIаршкахь тIом беш. Цаьрца кIезиг бац шайн доьзалшца дIабаханарш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG