Бакъонашларъярхоша ахчан дуьхьа дестийна дуьйцу, Нохчийчохь гейш бу бохуш аьлла Кадыров Рамзана.
"Соьмах бохкабеллачу, ямарта бакъонашларъярхоша даим Iехош латтош ду Iамеркан Iедал"- аьлла Кадыров Рамзана Эйч-би-оу (HBO) телеканалца хиллачу къамелехь.
"Хьо шолгIа ма веана тхан махка. Шуна хаа ма деза хIара мохк демокартин мох буйла. Дешан маьршо ю, адам ирсе дехаш ду кхузахь. КIадбоцург ма ду тхох лаьцна зорбанаша дуьйцург", - боху Кадыровс Iамеркан журналисте.
Оцу юкъанна мехкан куьйгалхочо юкъара ца доккху, Нохчийчохь гомосексуалисташна таIзаз шаьш гергарчара дийриг хилар.
"Низамашца а догIуш церан гергарчара шайн стагна таIзар дахь, тхо дуьхьал дац", аьлла, билгалдаьккхина Кадыровс.
Кхучохь муъна нохчийн мотт бийци вай, оьрси дешнаш ца лелош?
Макфол Майкл <= Hara nohchiyn qoman mostagh wu shuna. Twitter chox Nohchichox thom niysa bina bohush war hara...