ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Терко рогIера стаг вахьар коьртахдаьлла Нохчийчохь


Кху беттан 17-чу дийнахь сархьо Теркан тIе лийча вахана 32-шо долу Букулов Ислам цкъа хи чу эккхарх кхин хьалаваьлла вац. ХIетахь дуьйна бIеннаш наха лохуш ву хеваьхьнарг, амма цкъачунна карош вац.

Кху Теркаца йолчу ярташкахь стаг хие вахьар керла дац.Наггахь шо а ца долу масех вахархо карзахе догIучу Терко Iожалле ца кхачош. Мелла а баккхийчара чIагIдарца Теркан бердаца шина агIор Iохкучу жимма а яккхийчу хIора а ярташкахь иттаннашкахь багарбаллал нах бу Теркаца доьзна дIакхалхар долуш.

Цхьаболчара и тайпа бохамаш сел дукха хилар дузу, цу Терках пайда а эцна, цхьана юьртахь, нахана лийча кечйина лаьтташ хи а долуш, меттиг цахиларца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG