Лахаюхучу кучаца ширачу СаIуда Iарбичуьрчу Ушайкир гIалин урамехь йоьдучу меттигерчу моделан Хулудан видео яьржина интернетехь. ЙоIа бахарехь, цуьнан лаамза яржийна и видео. "Бакъахьадоцучу духарца" гучуяларна полицино лаьцна латтош ю Хулуд. Бехк тIехь биссахь, набахте хьажо а, гIуда тоха кхерам бу моделна.
Хьюман Райтс Вотч (Human Rights Watch) дуьненаюкъарчу организацино йоIана тIехьабовлар дискриминаци лерина.
Хууш ма-хиллара, СаIуда Iаьрбийчохь зударий декхаре бу коьртера когашка кхаччалц дегI хьулдина лела, иштта бакъо яц церан машенаш лелон а.