ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мехашца догIанаш хир ду боху синоптикаша Нохчийчохь


Нохчийчуьрчу орцан министралло дIакхайкхийна цхьайолчу кIошташкахь еарийн а, пIераскан деношкахь мехашца даккхий догIанаш хир ду, къора а тухуш аьлла. Кхерам бу боху орцанхоша хитIедаларан, лаьмнашкахь тIулгаш охьахахкадаларан а.

Болчу хаамашца, орцан министраллан боллу ницкъ а, гIирсаш а тIехьажийна бахархошна тIе чолхе хьал ца хIоттийта.

Яхначу буса а мехашца хиллачу догIанаша цхьаццайолчу меттигашкахь ток дIаяьккхинера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG