ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Депутаташа керла бехкамаш юкъабаьхна лоьрийн хьокъехь


Пачхьалкхан Думано еарийдийнахь низаман проект тIеэцна 70 шо кхаьчначул тIаьхьа медицинан организацешкахь куьйгалхочун, цуьнан гIовсан даржашкахь болх бар доьхкуш. Карарчу шеран хьалхарчу баттахь "Цхьаалийн Оьрсийчоь" ("Единая Россия") партин цIарахчу депутатийн тобано кховдийнера и проект.

Билгалъяьккхинчу хене куьйгалхо ваьллехь, церан лаамца уьш кхечу даржашка дехьабохур бу, церан квалификацига хьажжина.

ГIадужу-беттан хьалхарчу дийнахь дуьйна болх бан долалур ду тIеэцна низам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG