ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Донбассехь Украинан эскархой байина


ТIаьххьарчу дийнахь-буса а Донбассехь 9 украинхойн эскархо вийна, 5 чевнаш хилла. УНИАН агенталло хаамбарехь, оьрсийн сепаратисташа пачхьалкхан эскарийн позицешна тIе даккхий герзаш детташ хилла. Донецкерчу Красногоровка гIалахь кхийсарш еш нах чохь беха цIа дохийна. Маьршачу нахалахь баларш дац.

Шайх "Донецкан республика" олучу тобано дIахьедо цхьана дийнахь а, буса а украинхоша 30 паргIато йохийна хиларх, Трудовое олучу эвлахь ши вахархо лаза а веш. И информаци бакъхиларан бозуш боцучу гIирсашкара тоьшаллаш доцуш ду.

Кхаа шерачохь Донбассехь боьдучу тIамехь 3 эзар сов маьрша вахархо вийна. Киево а, Малхбузено а Оьрсийчоь бехкейо тIеман гIирсашца сепаратистийн агIо лецарна.

Донбассехь дукха оьрсийн эскархой лоьцушшехь, Оьрсийчоьнан армин тIеман техника а хIаллакъешшехь, Кремло тIе ца лоцу бехкаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG