Курорташ а, санатореш а, кхийолу садоIийлаш а, цхьа наггахь доцург нохчийн зударий кхочуш меттигаш яц.
Шарахь цкъа кхаьчна а, цига кхачар доккхачех доккха ирс а хеташ, вайнехан зударий садаIа леста меттиг Таркхойн хIорд бу.
Хеттаршка ваьлча гучу ма-даллара, нохчийy зударша цецбовларца тIеоьцу курорташкахь, санаторешкахь садаIар хьахийча.
Ма-дарра аьлча? бIенна юкъахь масех зуда бен караяц могушалла тоян курортехь садаIар нисделла. Ша цкъа а курортехь цахиларх а, мелла а хенарчу нохчийн зударшна "адамех" тера садаIар дихкина хиларх а шовкъе а оьхуш, дийцира Старопромысал кIоштерчу вахархочо Мурзаев Салавдис.
Салавди: "Цкъа а хилла вац со курортехь садоIуш. Жима волуш цкъа-шозза пионерийн лагерехь-м хилла-кх со. Ткъа нохчий зударех аьлча, церан маца хилла садаIа баха таронаш. Церан гIуллакхаш дукха дара. Нохчий зударий санна хало хьегна, баланаш хьегна зударий бан а бац.
Сатасале гIовттуш, кхача кечбеш, нуй-горгам деш, бежнаш узуш, юьттург карахь юьттуш хилла. Ахь хIун курорташ юьйцу? Дукхахболчарна курорт бохург хIун ду а ца хаьара. Ишта гIиллакхаш дар-кх лелаш .Ахь курорташ юьйцу…"
Чот йоцуш дукха бу курорташ хьовх, эцца куьг кхочехь болчу Таркхойн хIорд тIехь шайн сина а, дегIана а пайдехьа хан яккха йиш йоцурш а. Шайн таро цахилар цуьрриг лечкъа а ца до цхьаболчара.
Цу кепара шен балхана къера йолчех ю Новр кIоштера Магамадова Дагман а.
Дагман: "Со-м ца яхна цкъа а садаIа куроте. Бакъдерг аьлча, яха езар-кх со аьлла дага а ца деъна суна-м. Со санна аьтто боцурш дукха бу дер-кх. Таро елахь а яцахь а цхьаберш-м боьлху. Дарба лело, могушалла тоян вахча мегар-м дара. Курорташ стена юьйцу, эцца хIорда тIе яха а деза иттех эзар ахча. Ишта мукъа ахча хилча-м ас кондиционер оьцур яра кху дуьне дагош лаьттачу йовхонах чоь шельян…"
Хаза неха санна лаамма-м хиллера шен курорте а яхана могушалла тоян, амма цуьнца цхьаьна ца еъна шен таро бохуш дуьйцу Соьлжа-гIаларчу заьIапхочо Солтаханова Хадиштас.
Хадишат: "Са-м тийсина ас садаIа яха, амма сан цкъа йиш хилла-м яц. Лоьраша дуккхаза а гIо а баьхна, делахь а харж ма еза цигахь а. Новкъана а деза, даа-мала деза. Таро ерш боьлху, со саннарш царна тIаьхьа а хьоьжуш Iа-кх».
Шаьш-шайн дош а хеташ, хам-пусар а деш, нохчийн зударийн шайн догIмийн а, могушаллин а бала кхача безара. Цу хьокъехь шен хьажам-хетарг долуш ю Шелан кIоштан Йоккхачу АтагIара Мадина.
Мадина: "Курорте баха беза нохчий зударий. Вай нохчий зударша шайн догIмийн дола ца до, бала ца кхочу, шаьш-шайн сий ца до. Ахь диннарг бен хьан сий ца хуьлу. И бакъ ду хьуна. Ахь хеттийтанарг бен ца хета хьуна оцу цIийндайшна а ца хета, хьан хьайн берашна а ца хета. Уггар хьалха шена дика хила еза цул тIаьхьа кхечарна а".
Нохчийн зударий курорташкахь а, санаторешкахь а, кхечу меттигашкахь садаIарна мел тIера бу бохучу хаттарна жоьпаш лохуш зеделларг коьртачу декъана ши бехкам, биллам бара, я ши хIума ала цунах хаац…
Коьртачарех коьртаниг бара могIарерчу нахалахь гIаддайнарш, гIийла бохкурш дукха хилар..
ШолгIаниг дара вайнехан юкъараллехь, ма-дарра аьлча божарийн гонехь, чIагIбелла ишта хьажам хилар: "Зударийн гIуллакх дац курорташкахула а, хIордаш тIехула а буьйлабелла лела. Зударий шайн берийн дола а деш, цIийннаналла а лелош цIахь Iа беза".
Оцу могIарерчу чIагIаман оьмар маццалц яхлур ю хууш дац, делахь а, цхьаболчу бахархоша а, тергамхоша а даре а деш, карарчу хенахь кегийрхошлахь даьржаш ду, хIара мегар дуй, мегар даций бохуш, шайна диттина зил-дозанаш шордар.