ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трампа доьхкуш ду шайн бахархошна Къилба Корей лестар


Къилба Корей баха шайн туристашна тIедогIучу кIиранах дуьйна доьхкуш ду Iамеркан Iедало. Би-би-си-но бина и хаам туристийн агенталлашна тIе а тевжаш.

Юккъерачу барамехь аьлча, цхьана шерачохь Iамеркан Штаташкара эзар сов туристаш боьлху Корее. Iедало и бехкам беш хиларх дуьйцучех цхьаъ ю Young Pionner цIе йолу туристийн агенталла. Цаьргахула кхаьчнера Къилба Корейхь набахтехь валлийна Iамеркан студент Уормбир Отто.

15 шо хан яра цунна кхело кхайкхийнарг, Пхеньянехь пропагандийн плакат лачкъийнера аьлла. Дийнна шарахь цхьа а хаам бацара Уормбирах лаьцна хезаш. Цул тIаьхьа Корейн Iедало Iамерке схьавеллера студент. Хьечуьра пхенаш дакъаделла карийра цуьнан лоьрашна. КIира даьллачул тIаьхьа кхелхира иза.

КIентан дена-нанна хетарехь, ницкъехь валлийна иза цигахь. Президенто Трамп Доналда а Корейн Iедал бехкедира студент валарна.

Дуьненаюкъарчу низамашца лелийна шаьш Уормбир Отто аьлла Къилба Корейн Iедлао.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG