ТIекхочийла долу линкаш

Дагестанерчу орцан министралло хаийтина, оршотдийнахь Избербашерчу хIордачохь хино такхийначарех тIаьххьара йоI а крийна хиларх. Орцан урхалло "Кавказ.Реалии" ресурсе хаамбарехь, шоьтан Iуьйранна 6 сахьт даьлча карийна яйначу йоьIан дакъа.

Нохчийчуьра 4 яхархо шайца 2 кхиазхо а йолуш хиэ такхийнера оршотдийнахь Избербашерчу луьйчийлехь. Царех ши зуда оцу сохьта карийнера, ши йоI лоьхуш яра Дагестанан орцанхоша. ПIераскандийнахь карийра жимачу шина йоIах цхьаъ. ШолгIаниг тахана хьалаяьккхина хичуьра.

XS
SM
MD
LG