ТIекхочийла долу линкаш

Пачхьалкхан Думан депутата Поклонская Натальяс 100 эзар бахархойн а, 37 депутатийн а куьйгаш гулдина Николай ШолгIачуьнан балерине Кшесинская Матильде хиллачу безамах лаьцнна яьккхинчу "Матильда" филмана дуьхьал. Цунна хетарехь, дин сийсаздеш меттигаш бу оцу киночохь. ТАСС агенталло бо и хаам.

"Фонтанка" ресурсо чIагIдарехь, куьйгашяздинчарлахь бу Нохчийчоьнан векалш Делимханов Адам, Селимханов Мохьмад, Кхарачойн-Чергазийн Боташев Расул а.

Поклонскаяс Фейсбукерчу шен пена тIехь яздарехь, кехатна куьйгаш яздан луурш бу Дагестанехь а.

Гулдина кехаташ а, куьйгаш а Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралле е, Инарла прокуратуре а, културан урхалле а, Патриархе Кирилле а дIакхачо лерина ю Поклонская Наталья.

XS
SM
MD
LG