ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Йовхо а лаьтташ, даккхий догIанаш дан мега Нохчийчохь


Вуно довха денош лаьтта Нохчийчохь. И бахьана долуш цIераш йовларна кхерам бу аьлла хета Нохчийчуьрчу орцаллан министраллан белхахошна. Цара дийцарехь, Товбеца-беттан 25-гIа де дIадерззалц Соьлжан а, Невран а, Теркайистан а, Шелковскойн а кIошташкахь раж кхайкхийна цIераш йовларна кхерам бу аьлла.

ХенахIоттаман говзанчаша дийцарехь, гергарчу дийнахь-бусий Нохчийчоьнан къилбан а, малхбален а кIошташкахь, ша а тухуш, даккхий догIанаш дан мега.

МЧС Нохчийчуьрчу урхаллан белхахоша дIахьедар дина шаьш кийча ду аьлла, оьшуш меттиг нислахь бахархошна гIо дан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG