ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу дикачу хьолах лаьцна дуьйцур ду кхечу пачхьалкхашкарчу журналисташа


Китайра а, Японера а, Гуьржийчуьра а, Таджикистанера а, Францера а, кхечу пачхьалкхашкара а зорбан гIирсийн векалш кхаьчна Нохчийчу, хаам бо «Чечня сегодня» сайто.

Цо билгалдаккхарехь, хьешашна юкъахь ву «Свободная Грузия» корреспондент Намичеишвили Бежан, Таджикистанера «Ховар» хаамийн агенталлан корреспондент Ахмедов Иброим, Financial Times газетан корреспондент Седдон Максимилиан, кхиберш.

Нохчийчуьрчу Iедалан векло Умаров Джамбулата дийцарехь, зорбанан гIирсийн векалш кхайкхина республике цигара хьал дика а, маьрша а хилар гайта.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG