ТIекхочийла долу линкаш

Холцгассе цIе йолчу урамехь Iуьллучу цхьана кафе чохь девне ялла хилла тайп-тайпанчу къаьмийн векалех, коьртачу декъана Iаьрбех лаьтта, кегирхойн тоба, хаам бо меттигерчу хаамийн гIирсаша, полисхойн хаамна тIе а тевжаш.

Юха уьш цу кхерчара арабевлачул тIаьхьа латаре дирзина дов. Ткъе итт гергга стаг шина нохчочун тIелетта хилла. Цу шинна, дийцарехь, арсаш диттина чевнаш йина.

Хилларг гуш хиллачу наха лоьрийн орца кхайкхина, ткъа лоьраша кхайкхина полисхой. Делахь а полици схьакхачале талорхой бевдда къайлабевлла. Карарчу хенахь уьш лохуш бу Iедалхой.

Лазийна волу ши нохчо Линцерчу Кеплер цIарахчу лоьрийн цIийне кхачийна.

XS
SM
MD
LG