ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрерчу Линцехь дижина дац Iаьрбашна а, нохчашна а юкъахь даьлла дов


Хьалхехьо Маршо радионо хаам бина ма-хиллара, цу гIалахь хиллачу Iоттабаккхамехь лазийна ши нохчо. Полицино бинчу хаамца, кIирандийнахь меттигерчу цхьана дискотекехь садоIуш болчу Iаьрбашна а, нохчийн къомахчу кегирхошна а юкъахь дар-дацар хиллера, ши нохчо Iаьрбашна евзаш йолчу цхьана йоIе вистхилар бахьана долуш.

Иза ца тайначу Iаьрбаша Iуьйранна дискотекера араваьлла дIавоьдучу шина жимачу стаганна кIело йинера. Уллорчу кафена хьалха гергарчу хьесапехь 30 стаге кхаччалц йолчу тобано шина нохчочун йиттинера, арсаш а тухуш. И шиъ дерачу чевнашца лоьрийн цIийне кхачийнера, ткъа полисхоша тIелатар динарш лохуш бара.

Амма цу тIехь хилларг дIа ца дирзира. ШолгIачу дийнахь, полицино чIагIдарехь, 6 стагах лаьтташ йолу нохчийн кегирхойн тоба бекхам бан араяьлла хилла Линцерчу Iаьрбашна. Цу гIалин коьрта вокзалан хьалхарчу майданахь цара тIелатар дина цхьана 18 шо долчу шемахочун, цунна пайдабоццу чевнаш а еш.

Тешаша кхайкхинчу полисхошна талорхой ца карийна, амма цу кIоштахь лехамаш бечу Iедалхошна гучуваьлла, бейсболах ловзу бита а карахь йолуш, воьду цхьа жима стаг. 26 шо долу и стаг сацийча, иза оьрсийн паспорт долуш, хетарехь, нохчо хилар гучудаьлла царна.

Лаьцна полисхойн декъе ша дIавигча, цу стаго мукIарло дина, ша шемахочух леттачийн тобанехь вара аьлла, бохуш дийцира Маршо Радионе Линцерчу полицехь. Цу стаго иштта аьллера, шаьш шемахочух латар де хьалха Iарбой бехкбоцуш нохчашна тIелатарна бекхам бар аьлла.

Кху деношкахь Iаьрбашний, нохчашний юккъехь кхин дIа а тийсадаларш ца хилийта само еш ю Линцера полици.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG