ТIекхочийла долу линкаш

Петирова ПетIмат. Цунна… сан маьлхан Нохчийчоь юхаерзийначунна

Кхуьнан массо а хIума а лозура…чIогIа лозура… массо чов а, муо а…чевнаш хьегIара, моьнаша ов деттара…

Кхуьнан сатийсамаш лозура…уьш кхочушцахилар лозура…церан гаьргаш кхуьнан сих хьекхалуш хала муо хьовзо йоьлла чевнаш юха а дарйора…

Кхин а дукха дара и кхуьнан лозурш…берех яьллачу ненан лазам а кхуьнга боьрзура…ненах даьллачу беран гIайгIа а лозура…да воцуш бисинчу доьзалан, хIу хаьддачу цIийнан, бекхаман зуламан, яхь яйначу нехан кIезгалла…дукха дар-кха и энаш-уьнаш…хIара цара лаца а лаьцнера-кх…

Амма уггар а чIогIа кхуьнан Нохчийчоь лозура…и маьлхан Нохчийчоь…кхуьнан бераллера оццул экама…эсала хилла йолу и Нохчийчоь…

Хала дара и лазар лан…денна хьегIачу чевнаш тIе куьг а хьоькхуш, шабаршца и теян гIертара хIара: «Нохчийчоь, сан Нохчийчоь…лен чов ма яц хьуна хилларг…хьуна хIумма а хир ма дац…жимма кIадъелла-кх хьо…со а кIадъелла…жимма садаьIча, толур ма ю вайша…Хьо дIа ма гIохьа…соьца Iехьа…сан хьо йоцург кхин амал ма дац…хьо йоцуш сан йиш ма яц…Нохчийчоь…йисахьа соьца…со йоккхаеян, сан гIайгIа теян…тIаккха со дIаяхча суна тIаьхьаелха…

ХIан-хIа, Нохчийчоь, мохь аьлла елха ма ца боху ас…хьан баланийн хIорда чохь тIадам хила а мах ца кхочий ма хаьа суна хьо сох хадар…оццул долчунна а сатухуш ца хилча-м, сан хьоьх бIаьрг бузар а хIунда хир дара?! Хьайн кийрахь…къайлехь елхахьа…хьайх чIогIа йоккхайинчу йоьIан иркечу сатийсамашна… тIаккха цу белхаран юккъехула ела а къажахьа…цу йоьIан хьайх хиллачу мокхазан тешамна…

ТIаккха юха а кураллехь корта а айбина, дегI нисдеш мархашка кховдахьа…

Хьо яха йисахьа…цкъа хьайна чохь яьхначу цу йоьIан кошан барз мара а къуьйлуш…и йоккхайийна хьайн хаза амалш малхе а юьйхьуш…шен дагах, дегIах йохкуш санна цуьнан лезна чевнаш ерзо дарба а лоьхуш…»

ТIаккха Нохчийчоь кхунна йоьлура…цкъа шен буьрсачу лаьмнийн баххьашкахь Iуьллу ло маьлхан зIаьнаршца къегош…юха цу лаьмнийн когашка зезагаш даржош…тIаккха баьццарчу мукъамехь хьаннаш техкош…

ХIара Нохчийчоьно хьоьстура… кхунна чIогIа еза шен амалш, гIиллакхаш дагахь а доцучохь дуьхьалдетталучу адамашкахь карладахарца…дендарца…

Цо ша дIа ца яханий хоуьйтура кхунна…

ОхI, ма йоккхаера-кх хIара цу адамех, ма йоккхаера!

ХIара церан йовхонехь йохлора…цIинлора…церан хIора а дика амал кхунна молха хуьлий, хIора а хаза гIиллакх дарба хуьлий, хIуттура…

Кхунна шен оьмар цара яхъеш хетара…

Кхин а цхьа де…кхин а цхьа де…тIаккха еха-еха буьйсанаш а…

Цкъа хьалха цхьамма «ма еха ю-кх хIара буьйса…» аьлча, хIара цецйолура… «шиъ цхьаьна хIоттаелла еъча а бIаьргаш хьаббина валале тIехъоьккхурйолу буьйса еха ю муха эр ду?!»… олий хетара…

Амма уьш дукха еха хуьлуш а хиллера… ур-атталла, аьхкенан сов йоца буьйсанаш а…

ХIинца кхета йоьллера денанас олуш хиллачу: «Миска стаг сахиллалц вехаш хуьлу» бохучух а… Дукха гIаланаш юттуш хиллера буьйсанан бодашкахь…дукха ойланаш луьттуш…

Йижинчуьра самаяьллачу нанас цкъа а ца йижа хиъча санна, хиъна Iаш хIара карийча, «сарралц когаш тIехь, сахиллалц еш наб а йоцуш… Делан болх бу-кх хьо….», – олуш, ша сема юй хаийтича, кхуо и охьа а хаайой охьаIанадора дийнахь сарралц ша лехьийна хаза хIуманаш… кхо шена гонахарчу нахехь гучудуьйлу Нохчийчоьнан хаза аматаш, гIиллакхаш дуьйцура… цу нехан кхолламаш, хазахетарш, лазамаш буьйцура… царах хIорангахь а карийначу дикаллех йоккхаер а ца лечкъош… тIаккха нанна а уьш хIора а шен гергара хетара…кхунна санна дукха а безалора…

Къамеле ца йолуш хIара дIатийча, шена царах хIора а гина-вевзаш волуш санна, цаьргара хьал-де хоьттура…Хьенех хIун деш ву (ю) те, Минехехь хIун хьал ду-те… бохуш… иза шен «бохчичуьра» схьаоьцу молха хир дар-кха цуьнан… хIара юхаденъялийта… бIаьргаш къагийта…

Иштта дIайоьдур-кха хан… меллаша, тIаккха дукха сиха а…

Кхара вовшийн хьоьстуш, Iехош… Нанас – йоI, йоIа – нана – Нохчийчоь, Нохчийчоьно – йоI, цуьнца цхьаьна нана а…

Юха а садаьржара… Нохчийчохь садаьржара…

ЙоI юха а арайолура… Нохчийчоьнан аматаш леха… вовшахдетта… юха суьйренца уьш шен хIусаме дерзо… цигахь юха а уьш листа…

Петирова ПетIамат нохчийн кхузаманахьлера байтанча ю. 1982-чу шеран чиллан-беттан 12-чу дийнахь Элистанжа юьртахь дуьнен чу яьлла Петирова ПетIамат. Циггахь кхиамца чекхъяьккхина юккъера школа. Доьшуш йолуш тасаделла цуьнан литературица гергарло.Лакхарчу классашкахь доьшуш йолуш йолаелла байташ язъян. Юккъера школа кхиамца чекхъяьккхина яьлча, Нохчийн Республикин пачхьалкхан университетан филологин факултет чекхъяьккхина. 2006-чу шарера 2008-чу шаре кхаччалц «Книжни издательствехь» болх бира ПетIамата. ХIинца «Исламан зIаьнарш» цIе йолчу республикин газетехь коьртачу зорбанчан болх беш ю.

XS
SM
MD
LG