Соьлж-ГIаларчу цхьана дарбанцIанехь болх бечу коьртачу бухгалтеро, харц кехаташ а кечдина, схьаэцна хилла 760 эзар сом. И ахча цо шен хьашташна дайина, хаам бо «Каваказский узело».
Цу зудчун дуьхьала бехктакхаман гIуллакх схьадиллина республикерчу талламан комитето. Нагахь бухгалтер бехке хилар суьдо даре дахь иза чуйолла мега, 4 шо хан а тоьхна.