ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Воронежехь полисхоша лелийнарг дита дагахь вац Нухажиев


Воронежехь полисхоша нохчий хьийзорна ша вуно оьгIазвахана хиларх лаьцна хаийтина Нохчийчуьрчу омбудсмено Нухажиев Нурдис.

Ша динчу дIахьедарехь цо, билгалдаьккхина и хилларг таллуьйтур ду ша аьлла.

Воронежехь 15 сов шарахь бехаш болчу нохчийн къомах болчу зударшна, ма дарра аьлча, тIелатар дина муьлш бу ца хуучу наха, боху Нохчийчоьнан омбудсмено.

Цара динарг даржах пайда эцна зулам дар ду, уьш кхеле озо беза аьлла хета Нухажиевна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG