ТIекхочийла долу линкаш

Йоккхачу футболан рогIера ловзар хир ду Соьлж-ГIалахь кхана, 29-чу дийнахь. «Ахмат-Аренехь» «Ахмат» клубо тIеоьцур ю кху сезонехь цкъа а толам баьккхина йоцу Москох «Динамо».

Премьер-лиган 4-чу меттехь лаьтташ ю «Ахмат» клуб. Ткъа Динамо ю 11-чу меттехь. Говзанчашна хетарехь, Соьлж-ГIалара тоба тола мегаш ю хир долчу ловзарехь.

И ши клуб левзина вовшашца 18-зза. 6-зза тоьлла Нохчийчуьра футболхой. Москохара тоба тоьлла 7-зза. 5-зза жамI цхьатерра долуш дирзина церан ловзар.

Соьлж-ГIалахь футболан матч йолалур ю сарахь 8 даьлча.

XS
SM
MD
LG