ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс луьра емал дина Воронежехь нохчийн йоIаршна тIелатар


Полицин духар доьхна боцучу наха сацийнера нохчийн къомах йолу ши йоI, паспорташ гайта аьлла. Шаьш цара ца гайтина жима бер карахь долу ши йоI сацо бакъо луш долу цхьа а кехат.

Хилларг луьра емал дина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен инстаграмерчу агIон тIехь, хаам бо "Чечня сегодня" сайто.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо цу инцидентехь дакъалаьцна нах эхь ду аьлла. Ша цецваьлла ву боху цо, Воронежан кIоштан Iедалша хиллачун мах ца хадорна.

«Со тешна ву Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министро Колокольцев Владимира тIедуьллур хилар хиллачун таллам бар», - яздина Кадыровс, шен инстаграмехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG