ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Ахматан» симболца дневникаш эцар дешархошна тIедожийна хилар харцдина Нохчийчуьрчу дешаран министралло


Нохчийчуьрчу хьехархоша латкъамаш бинера «Ахмат» спортан клубан симбол тIехь йолу меттигерчу типографино кечйина дешархойн дневникаш эцар тIедожийна шайна аьлла, хаам бинера «Кавказский узел» сайто.

Соьлж-ГIаларчу цхьана школан директоро дийцина цу зорбанан гIирсан корреспонденте, гергарчу шина дийнахь маса дешархо ву аьлла хаам бан дезаш ю ша дешаран министралле, оццул дневникаш эца а дезар ду шен аьлла.

«Ахмат» клубан симбол тIехь йолчу дневникан мах бу 90 сом.

И хаам хаарц бина Нохчийчоьнан дешаран министралло. «Иза бакъ дац. Оха цхьа а декхарела ца вина», - аьлла министраллан зорбанан сервисан векло, "ДОждь" телеканале.

WhatsApp лелочу наха вовшашка дIасаоьхуьйтуш ю, цхьана Iедалан белхохочо, хьехархошна кхерамаш а туьйсуш, цу хаттарехула министраллехь хиллачу кхеташонах лаьцна дуьйцуш йолу аудио.

«Амма иза дац шуна, школехь 300 бер доьшуш а долуш, аш 10 дневник оьцур ю бохург», дуьйцу зудчо.

Линкана тIе

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG