ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьручу берашна санаторий ян гIишло елла ГIирмерчу Iедало


ГIирма, Алушта.
ГIирма, Алушта.

Оьрсийчоьно Украинера схьаяьккхинчу ГIирман министрийн кхеташоно мах боцуш Нохчийчоьнна гIишло елла Алуштехь, берашна санаторий ян.

Цунах лаьцна хаам бина ГIирман бахаман хаттаршкахула йолчу министралло, яздо «Керла Крым» сайто.

Оьрсийчуьрчу кхечу регионна гIишло ялар дуьххьара дина дац ГIирмерчу Iедалаша. Иштта цигарчу парламентан депутаташа тIечIагIдина Евпаторера «Юбилейный» берийн санаторий Башкортостанна ялар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG