ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Урамехь схьабогIучу нахана юкъа машен тоьхна ХIелсинкехь


Машенна урхалла дечу стаг урамехь схьабогIучу нахана юкъатоьхна иза Финляндин коьртачу гIалахь ХIельсинкехь, хаам бо ББС-но. Полицин векалша дийцарехь, и бахьана долуш цхьа стаг вийна, кхин а масийтта стаг чевнаш йина ву.

Лазийначаьрна юкъахь ши стаг Оьрсийчура ву, цхьаъ Эстонера ву, кхин цхьаъ ву меттигера вахархо. Уьш берш дIакхачийна дарбанан хIусаме.

Машенна урхалла деш хилла стаг лаьцна полицино. Иза ву 50 шаре ваьлла Финляндин махкахо. ХIелсинкин полицино Твиттерехь бинчу хаамца, и стаг тIех сов малар мелла хилла. Цо и зулам дар бахьана цкъачунна хууш дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG