ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуцериевн кIанте ца эцийтина Украинера Сбербанк


Гуцериев СаьIид.
Гуцериев СаьIид.

Украинин Къоман банк реза ца хилла оьрсийн миллиардеран Гуцериев Михаилан кIанта СаьIида Оьрсийчуьрчу Сбербанкан декъан 100 процент акцеш оьцуш бина барт къобул бан, хаа бо Интерфаксо.

Гуцериев СаьIида а, цуьнан накъосто банкиро Гусельников Григорийс а Украинин Къоман банке ца делла оьшуш долу кехаташ. Ткъа Украинин низамашца цу мехкан Къоман банке цу хьокъехь дала дезачу кехаташна хьакъ долу таллам бан безаш бу, боху Украинин Къоман банкан зорбанан сервисо.

"Сафмар" а, "Русснефть" а компанин долахочун Гуцериев Михаилан кIант Гуцериев СаьIид Оьрсийчоьнан а, Британин а махкахо ву.

2016-чу шарахь ГуцериевгIеран доьзало хьалхара меттиг дIалецира Forbes журнало кечйинчу «Уггаре хьал долу Оьрсийчуьрчу доьзалийн кланаш» цIе йолчу рейтингехь. Цо бинчу хаамца, ГуцериевгIеран бахаман мах бу 9,8 млрд доллар, яздо ББС-но.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG