ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путина геч дина Оьрсийчоьнан эскар Гуьржийчу догIуш хиларх СМС-ца хаам бинчу шина зудчун


Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира геч дина шина зудчун, кхин дIа хан такхарх и шиъ маьрша а йоккхуш. Юьйцург ю 1959-чу шарахь йина Кесян Анник а, 1958-чу шарахь йина Джанджгава Марина а.

Цаьршимма 2008-чу шарахь телефонехула СМС кехаташ яздина хиллера Гуьрчийчуьрчу шайн бевза-безачу нахе тIамца чудогIуш Оьрсийчоьнан эскарш хиалрах лаьцна уьш варе бан дагахь.

Кесян даймахкана ямарт хилла аьлла 2015-чу шарахь Марсхьокху-баттахь чуйоьллира Краснодаран мехкан суьдо. Ткъа Джанджгавана, изза бехк а биллина, хан туьйхира Ростохан Ленинан кIоштан суьдо 2014-чу шарахь Стигалкъекъа-баттахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG