Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира Къилбаседа Кавказехь антитерроран тобан куьйгалхо хIоттийна Росгвардин буьйранча Золотов Виктор. Цу хьокъехь указ зорбане даьлла ОЬрсийчохь арадовлучу низамашца йоьзначу информацин официалан порталехь.
Цу документаца а догIуш, цу тIеман тобанан куьйгалхочо урхалла дийр ду антитерроран тобанна юкъатоьхначу эскаран дакъошна а, Iедалан органашна а.
ТIеман министран а, чоьхьарчу гIуллакхиййн министран а, МЧС-ан куьйгалхочун а, ФСБ-н директоран а, ФСО-н куьйгалхочун а аьтто хир бу цхьацца когаметта харжа.
Къилбаседа Кавказехь тIеман операцеш дIахьош юкъаозийна хир ю ерриг аьлча санна Оьрсийчура ницкъаллин структураш, шайна юкъахь Росгварди а, арми а, чоьхьарчу гIуллакхийн министралла а, МЧС а, ФСБ а, ФСО а иштта дIа кхин а йолуш.