ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

НАТО-н тIеман Iамораш дуьйладелла Гуьржийчохь


Гуьржийчоь -- ТIеман Iаморашна кечлуш le НАТО-н эскарш. Вазиани, 29Товб.2017
Гуьржийчоь -- ТIеман Iаморашна кечлуш le НАТО-н эскарш. Вазиани, 29Товб.2017

НАТО-н Гуьржийчуьрчу Iаморашкахь дакъалоцуш ву 2 800 эскархо. Царах 1600 Iамеркан салти а, эпсарш а бу. Маневрашкахь дакъалоцуш ю 75 гIагI диллина тIеман техника.

Цу Iаморашкахь кху шарахь дуьххьар дакъалоцур ду Германин тIеман ницкъаша. Немцоша Гуьржийчу еана шайн кху дуьнентIехь уггаре а дика ю аьлла гIараяьлла БТР.

Ерриг а Гуьржийчуьрчу тIеман Iаморашна юкъаозийна ю НАТО-н 5 пачхьалкх а, церан партнераш йолу кхин а кхо пачхьалкх а, шайна юкъахь Украина а йолуш.

Iамораш дIахьура ду цхьана хенахь Оьрсийчоьнан тIеман база хиллачу Вазианехь. Уьш дIадоьрзур ду тIебогIучу Марсхьокху-беттан 12-чу дийнахь.

Гуьржийчуьра тIеман Iамораш дакъа ду карарчу хенахь 50 000 эскархо юкъахь а волуш Малхбалерчу Европехь а, Iаьржачу хIорда чохь а дуьйлалучу шуьйрачу Iаморийн.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG