ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь нохчочун цIийнах хьаьвсина полисхой


Житомирерчу «Нур ал Ислам» юкъараллан офисах, цуьнан имаман Ажиев Ахьмадан цIийнах а, маьждигах а хьаьвсина Украинан кхерамзаллан хьукматан белхахой а, полисхой а. Ша Ажиевс бина и хаам.

Цо бахарехь, полисхойн а, СБУ-н белхахоша а кхаа машенашкахь го лаьцнера кхуьнан машенна, хIара маьждигчу чу воьдучу хенахь, кхело талламаш бан елла кехатан бакъо а гойтуш.

Ажиевс билгалдаккхарехь, шаьш лелорийг я телефон тIе дIаяздан а, я адвокат тIевеха а бакъо ца елла цунна. Полисхоша яьккхина цуьнгара компьютер а, динан литература а, кегйина жайнаш тIедохку терхеш.

Богунан кIоштан кхелан сацамо бахарехь, Житомир кIоштан къоман полицин урхаллан талламхочо тIедожийна хилла Ажиевн офисах а, хIусамах а хьажар, цо гIали чу экстремизме литература а, наркотикаш а, герз а кхоьхьу аьлла шайга кхаьчна хаамаш бахьанехь. Ажиевс чIагIдо, маьждигехь а, шен цIахь а ша латтош йолу литература Украинерчу бусулба динан урхалло магийна хилар.

Иштта цо бахарехь, полисхоша маьждиган учара даьхьна дискаш я цуьнан а, я цо куьйгалла дечу юкъараллан а дац. Житомирерчу «Нур ал Ислам» юкъараллан имам волу 57 шо долу Ажиев Ахьмад бизнесхо а ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG