Шинарийдийнахь Къилба ХIиричохь буьйлалуш бу Басаев Шемал верна лерина "Террорхо хIаллаквар" цIе йолу кино яккха. ХIирийн бахархошлахь цабезамца тIеэцнера и проект юьхьанца дуьйна а. Цара тIе ца дуьтура Бесланерчу теракташна бехкелоручу стагах лаьцна съемкаш мехкан дозан тIехь яхар.
Цундела "Мосфилман" векалша тIаьххьарчу баттахь юх-юха кхетабора бахархой, шаьш Басаевх турпалхо ван гIерташ цахилар, мелхо а оцу операцехь дакъалаьцначу спецназхойх бан лаам хиларх.
Киночохь дуьххьара дIа хийцира Басаевн фамили Багиев аьлла, ткъа "Мосфилме" БагиевгIеран тукхамо дехар дира, шайн цIийнан репутаци йожацаяр. ТIаккха сацам бира кино йоккхучара тIемалочун цIе Базгиев аьлла йита. Цуьнан рол ловзор ю нохчочо. Иштта коьртачу вастехь хир ву хIирийн актер Фидаров Сослан.
Хиллачу пресс-конференцехь филман режиссера Аравин Александра дийцина, йоккхучу киночохь ша гойту дерг, мел къизаллаш хила тарло сил исбаьхьчу Кавказан Iаламан фонехь ду аьлла.
ГIуран-баттахь кино яьккхина бовла Iалашо ю "Мосфилман".