ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ростов-ГIалахь леттарш дуьхьал бу полици арздан


КIиран суьйранна Ростов-ГIаларчу Горькийн цIархчу паркана уллохь леттарш муьлш бу а хиина, полици чу арз дан дуьхьало йина цара аьлла, хаамбо RostovGazetе регионан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIоьнчалло.

Оцу инциденте хьежначара социалан машанехь дийцарца, буса 10 сахьт даьллачу хенахь оьрсийн къаьркъа меллачу шина кIанта Нохчийчуьрчу бахархошка бага йиттинера маьттаза мел дерг дуьйцуш. Оцу аларх-бахарх доккха дов иккхина, вовшех леттера уьш, гонахарчара дерриг а шайн телефонаш тIерачу камераца дIа а яздеш.

Меттигерчу бахархоша кхайкхина полици схьаяле, церан аьтто баьллера къайлабовла. Чоьхьарчу гIуллакхийн урхалло даредо, леттарш муьлш бу билгал а даьлла, полици арздан дуьхьал бу уьш аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG