ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Воронежерчу полицина таIзар де боху Нохчийчуьрчу зудабераша


Кехаташ гайта аьлла дуьхьал бевлла Воронежера полисхой кхеле озор доьху Талламан комитете а, Инарла прокуратуре а, чоьхьарчу гIуллакхийн министралле а Нохчийчуьрчу зудабераша. И хаам бина "РИА Новости" агенталле оцу йоьIарийн адвоката Мишонов Андрейс.

Хьалхо Воронежан кIоштан полицино полисхойн лелар теллина шаьш аьлла даржийра.

Адвоката аларехь, полисхошкара шаьш лелийначух жоп доьху нохчийн йоьIарша, иштта шаьш сийсаздохуш, яппарш кхийсина зудчунна шаьш къинтIера дахар а тIедожош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG