ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шема боьлхучаьрга ахчанаш даларна бехкебо Нохчийчохь


ПIераскандийнахь набахтехь яккха 3 шо хан кхайкхийначу Халадов Шейх-Мовсаран гIуллакхан хьокъехь апелляци кховдор яц кхеле аьлла, кIентан гаргарчо "Кавказан узел" агенталле. Дийцарца, Халадов а, цуьнан накъост а бехкево Шемарчу тIаме боьлхучу шайн бевзачу нахана ахчанаш даларна. Иштта церан шайн а Iалашо хилла, бохуш яздо, тIаьхьо ДаIишхойн могIарех дIакхета.

Халадов Шейх-Мовсарна Къилбаседа-Кавказан тIеман кхело 3 шо хан кхайкхийна набахтехь яккха. Низамашца а догIуш, 10 шо гергга хан йогIура Халадовна, амма, цуьнан гергарчо дIахьедарехь, ханна иза жима хилар а, ма-дарра бакъдерг дийцарна а, хIинццалц Iедалца конфликташ хилла цахилар а тидаме а эцна, 3 шо хан тоьхна цунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG