Шемарчу тIаме воьдучуьра лаьцна шаьш аьлла 3,5 шо набахтехь даккха хан кхайкхийна Соьлжа-ГIаларчу кхело 32 шо долчу вахархочунна. Кхело къасторехь, Старопромыслан кIоштан вахархо Атабаев масех бутт хьалха Туркойчу дехьавала хьаьвзина, цигара Шемарчу "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанех дIакхетархьама. "Ша лаьцначул тIаьхьа цо мукIарло дина, шен ДаIишхойх кхета ойла хилар", - аьлла, дийцина "Кавказан узел" агеталле цхьана полисхочо. Шинарийдийнахь кхело бовзийтина шен сацам.
Атабаевн гергарчарна хетарехь, кхелахоша тIех шога таIзар ду цунна динарг, хIунда аьлча, Шемарчу тIамехь дакъалаьцначарна а туху оццул хан. Амма апелляци чуялар маьIне дац аьлла хета царна.